Назад к книге «Чонга иччархо. Туьйранаш» [Вахит Хаджимурадов]

Чонга-иччархо.

Туьйлиг чуьра, мог1а а нисбина, арадуьйлуш, лаха охьаоьхуш дара зингаташ. Ц1ийбелла малх хьалакъеддера, цундела зингаташ-иччархой сихонца новкъа бовлуш бара. Малх суьйренга г1ортталц лелара уьш, адамашна гондахьа а инзаре лекха хьаннаш санна, шайна яккхий хетачу бецашна, ярашна юккъехула. Иччархоша туьйлиг чу баккхийчарна а, кегийчарна а, елла арахь йисина чуьрк йохьий а, мелла а шайла и онда белахь а, белла я лазийна моза бохьий а, цхьа ижу ц1а йохьура. Таллархоша, мел генара а аре толлий, лахьадой, цхьацца даан мегаш долу х1уш а, ц1азамах доккхий дакъа а, мангал-комаран буьртиг а – ца йохьуш х1ума ца юьсура. Иччархой туьйлигах уггаре а онданаш хоржий хуьлура. Т1екхуьуш долу чкъор, кегий зингатий а, хьуьлура, шадерш бохург санна. Царех тардала г1ерташ а, даккхий хилча цаьрца цхьана мог1аре х1итта лууш а.

Чонга ц1е йолу кхиина дог1у жимастаг-зингат. Царех хьоьгуш, т1аьхьа хьоьжура иччархошна х1ора 1уьйранна. «Хьуна х1инца а хьалхе ду Чонга! Хьан хан а кестта т1екхочур ю, к1еззиг сатоха», – олура цуьнга туьйлиган баьччас. Ткъа мел хала дара Чонгин жимачу дагна сатоха. Цунна г1енах а т1ехь гора шех иччархо хилла, ша лаьцна массарел а йоккха чуьрк йохьуш, ша ц1а дог1учу хенахь. Тахана а, садаьржинчу хенахь. Чонга иччархошца араиккхинера, шен талла даха дезаш санна. Дукха лаьттира иза, даккхий синош а дохуш, бецашлахь къайладуьйлучу иччархойн тобанашка а хьоьжуш. Цкъа-м, ша х1ун леладо а ца хууш, царна т1аьхьадоладелира Чонга, амма генна дехьуо лаьттачу шен къеначу дадас човхийча, юхадерза дийзира цуьнан. Делахь а, иччархой новкъа баха т1аьхьабевллачаьрца шен дада гича, Чонга саца ца делира. Цхьажимма дехьа а даьла, иччархоша х1ун до а хьаьжна, туьйлиге юхадоьрзура ду ша аьлла, т1аьхьадоладелира иза царна. Иччархошна ша гарна кхоьруш, кест-кеста бецан г1ашлахь хьуллалуш, т1аьхьаоьхура иза. Чонгин ойла д1алаьцнера некъо. Сиха дицделира цунна ша ц1ехьа дерза дезаш хилар а. Иза дукха гена даьллера туьйлигна. Чонга иччархойх хьулделла 1ашшехь, уьш а къевла бевлира кеста. Дикка доьхна хьийзара Чонга х1инца. Хьалхарниш къайлабевллера, ц1ехьа боьду некъ а бацара карош. Лекхачу г1а т1е а даьлла, туьйлиг йолу аг1о билгалъяккха г1оьртира Чонга. Амма цунах г1уллакх ца хилира, иччархошца цхьаьна талла даха лууш делахь а, иштта ша цхьаъ бецашна, къухашна юккъехь диса лууш ма дацара жима Чонга. Хаъал дагчу кхерам а тесина, доьхна хьийзара иза. «Ванах, уггаре лекхачу бецан буьххье а даьлла, чуьра ма-боллу, «Орца дала! – аьлла, мохьтоьхча х1ун дара техьа?», – дагчу иккхираЧонгира. Иза лекха суг1-бецана буьххье делира, амма деган куралла, и ойла сиха эккхийра яхь йолчу Чонгас: «Талла дахалууш ма дара со, х1инца меттиг бели-кх суна, иччархошна а, туьйлигехь 1аш-бехачарна массарна а сайн ницкъа гайта, со доккха хиллий хаийта», – бохуш, ойла йораЧонгас.

Г1ийлачу мохо техкочу суг1- бецан дуткъачу г1а буьххьехь о1лане даьлла 1ара жима Чонга. Дикка хьалаайбеллачу дашочу малхо, гилдигаш дохуш санна, йовхачу з1аьнаршца хьоьстура иза. Амма малхехь дохделла дег1 мелла а бодделла 1аш долу Чонга, ц1аьххьана кхерадала кхин а цхьа бахьана делира. 1уьйранна шен к1орнешна юург лаха арадаьлла, можа мас йолу хьоза хиира Чонга т1ехь 1аш долчу бецан лекха ирах яханачу куллана гаьнна т1е. Можачу хьозана-м Чонга дукха жима ижу дера яра, делахь а, цкъа кхаллал х1ума яра-кх. Цундела Чонгас сихо йира бецан г1ана буха д1алачкъа. Ткъа можачу хьозана-м Чонга ца хилча а, ижу карийначух тера дара коьллашлахь, г1ашна к1елахь. Гулделлачу тхилахь, 1уьйренан малхах д1алевчкъина, набарна тевжина йолу чуьркаш, г1евттина, баца т1ехула а, куллана т1ехула а хьийзара. Можа хьоза куллана т1е охьахууш, цо дерриг а генаш, т1ера тхиш а эгош, меттах даьхнера. Чуьркаш, вовшаха хьерчаш санна, хьийзара, х1ун хилла ца кхеташ. Ткъа можачу хьозана оьшуш дерг иза дара-кх. Иза, т1ома а даьлла, сихонца уьдура чуьркашна т1аьхьа, шена ижу лаца г1ерташ. Амма чуьркаш а, сихха самаевлла, мелла а каде д1ауьдура хьозанах. Уьш сихонца лечкъа юьйлира бецан г1ашна к1елахь. Чонгина ч1ог1а лаьара, хуьлуш дерг х1ун ду хьажа. Ша мелла а ч1ог1а кхераделлехь а, иза г1а йисттехула бухара хьала

Купить книгу «Чонга иччархо. Туьйранаш»

электронная ЛитРес 60 ₽