Бисмиллах1иррохьманиррохьийм.
Хастам бу Аллах1ана Шен халкъана риц1къ латтош волучу, массо 1аламашна оьшург луш волучу, дериге х1ума Шен къинхетамца 1алаш деш волучу.
Хастам бу Хьуна барам боцуш, чаккхе йоцуш, Хьо хьакъ долуш ма хилар тера, х1ай тхо кхиош-кхобуш волу тхан везан Дела.
Аллах1ан салават а, маршалла а хуьлда Аллах1ан элчан Мухьаммадан а, цуьнан гергарчарна а, асхьабашна а, цара лелийнарг лелош церан некъа т1ехь маьл волучу стагна а, зудчунна а.
Лараме ваша, йиша!
Ашшим х1усам кхоьллина шуьшиъ цхьанакхаьтта т1аьхьенна са а туьйсуш. Доьзал кхиоран марзоне са а туьйсуш. Берин деларо шаьшшин самукъадаккхаре са а туьйсуш. Шаьшшиъ къанале даьлча, доьзало 1алаш деш шаьшшиъ леладарн ойла а йолуш. Цара шаьшшиъ д1аадоьллина, шаьшшина т1ера саг1а а доккхуш, до1а а даьш, шаьшшиг дага а дог1у шаьшшин т1аьхье д1аяг1аре са а туьйсуш.
Делахьаъ, шуьшинна ма лаъара доьзал ца хуьлуш хан д1айоьду шуьшин. Г1айг1анехь хуьлу шуьшиъ, гаттонехь са хьийза шуьшин. Цундела, шуьшин дог оьцуш, шуьшинна доьзал ца хуьлуш Дала хан ялийтарн хьикмат билгалла деш, цунах шуьшин хила беза динаца бог1у нийса кхетам шуьшин билгалла беш, ашшим лелон дезарг хьахадеш, Дала шуьшинна т1едиллинарг шуьшин довзуьйтуш, х1ара жайна яздо ас.
Х1ара жайна дешарца шуьшин хуар ду шаьшшин доьзал хира вуй, Даламукъалахь. Кху жайно шуьшин даг чохь Делан кхелаца долу ийман са доккхура ду. Х1ара жайна дешаро шуьшин са пархата доккхура ду, «Доьзал хир вуй те тхан?» – боху хаттар шуьшин даг чуьра д1аадаьлла, «Доьзал хир ву тхан» – аларах тешарца дог дузура ду шуьшин.
Х1ара жайна дешарца дог пархата дера ду шуьшин. Синтемах, Делан кхелан муьт1ахь хиларах дог дузара ду шуьшин.
Иштта пайданаш шуьшин хиларе са а туьйсуш яздина аса х1ара жайна. Иза хилар Делан карахь ду, Дала пайде бойла шуьшин х1ара болх.
Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн
ДОЬЗАЛ ДЕЛЕРА РИЦ1КЪАН
СОВГ1АТ ДУ
Массо х1уманна риц1къа латтош верг Дела вуй хаа вайна. Риц1къа аьлча, уггаре хьалха вайна дагадохург аьтто бу. Амма риц1къа цхьан аьттонна т1ехь чекх долуш дац. Риц1къа, адаманна кху шен дуьнен дахарехь оьшуш мел долучу х1уманах олу. Могушалла рицкъ ду, накъостий риц1къ ду, да нана риц1къ ду, ийман риц1къ ду, адамо еш йолу дика 1амал риц1къ ду, иштта адамо пайда оьцуш долу дериге х1ума Делера риц1къ ду. Иштта риц1къах бу доьзал а.
Доьзал луш верг Дела ву. Вайн махаъара, муьлхачу х1уманна бахьан хотта деза, х1унда аьлча, Дала Ша хуьлуьйтуш долу х1ума бахьанах тесна дера. Иза Делан хьикматах ду. Делахь а, и бохург дац, бахьан хилча и бахьан шен доьхьа дина х1ума хила деза бохург. И хилар Делан карахь ду. Шена лаахь Дала хуьлуьйту иза, Шена ца лаахь ца хуьлуьйту.
Цундела, риц1къ хилара Дала бахьанах дихкина ду, т1къа риц1къа бахьан дарца лаха дезаш ду.
1умар бин Хатта?бс (Дела реза хуьлда цунна) аьлла:
<<Шух цхьа? а риц1къ ца лохуш, «Я Аллах1! Риц1къа ло суна» бохуш охьа хиъна ма 1ойла, баккъалаъ, шуна хаакх, мархнаша деши а, я дети а доссош ца хилар>>.
Цундела шина адамо цхьанакхаьтта х1усам кхоьллинехь, цара доьзал хиларан бахьан хотта дина, амма церан доьзал хилара Делан карахь ду.
Хийлаза гинакх вайна, стаг а зуда а могуш долуш, цхьа а тайпа цаьрца цамгар йоцушехь, церан доьзал ца хуьлуш. Иштта гинакх вайна, стаг зуда могуш а доцушехь, церан доьзал хуьлуш. Иштта гинакх вайна, лоьраш доьзал хила йиш яц аьлла неха доьзал хуьлуш.
Иштта гинакх вайна, лоьраш доьзал ца хила йиш яц аьлчу неха доьзал ца хуьлуш. Цо гойту, и доьзал хилар ц1ен Делан карахь хилар, Цуьнгара иза веха везаш хилар.
Дала боху къуръан чохь:
<<Алла?х1и ду стигланашкара паччахьала, лаьтта т1ера пачахьала а, Шена луъург кхуллу Цо, Шена луъчунна йо1рий ло Цо, Шена луъчунна къентий ло, йа Шена луъчунна къентий а, йо1ри а ло, Шена луъург доьзал ца хуьлуш а во, боккъалаъ, Иза хууш ву, ниц1къ кхочуша а ву[1 - – Шу?ра: аят: 49—50.]>>.
Къуръанан маь1на доккхуш воккха муфассир хиллачу Имам Байдовис (Дала къинхетам бойла цунах) боху цу Делан дешан маь1ан доккхуш:
<<Цуьнан маь1на, Делан лайши доьзал хиларца долу хьелаш тайп-тайпана хилар ду, Делан лаамах доьзна долуш. Шена луъчунна бекъ къентий ло Цо, я Шена луъчунна бекъ йо1рий